Маца-те, Дела, маца

Вайна ваьшца уггаре а тамашийна хIуманаш нийсса хIинцца хила лаьа, тIаьхьа а доцуш. Амма и нийса дац. Вайна дуккха а гIолехь ду, лууш дерг хIинцца а доцуш, ткъа Дала билгалъяьккхинчу хенахь кхочушхилар. «Тешар сатуьйсуш долчунна тӀехь латтар а, ца гуш долчух шеко йоцуш хилар а ду» (Iебархошка 11:1). Шуна гуш ма-хиллара, вайн тешаран стоьмаш даим ца бовлу цу сохьта гучу. Вайн Делах тешна хиларна, Цо вайн лаам муха а, маца а кхочушбийр бу ца хаар а юкъадогIу. «Дела цкъа а тIаьхьа ца вуьсу», – олу вай. Амма Иза цкъа а сих а ца ло. Т Iаккха хIунда хаьий шуна? ХIунда аьлча вай Цо дечуьнга сатуьйсучу хенахь, Цо вайн тешар чIагI а до, сатуьйсуш дерг схьаэцарна кеч а до.

ДIААЛА ЦАЬРГА СУНА УЬШ БЕЗА

ДIААЛА ЦАЬРГА СУНА УЬШ БЕЗА

Далла доьзал хила лаьа, цундела кхоьллина Цо вай, вайх Шен бераш хилийта.
Машар

Машар

И дешнаш мосуьйттаза деша, ойлае царах лаций, шайн кхетам чу дижийта уьш.
Facebook icon Twitter icon Instagram icon Pinterest icon Google+ icon YouTube icon LinkedIn icon Contact icon